ХIокху тIаьххьарчу шерашкахь нохчийн къомана тIехIиттинчу бохамаша дуккха а ойланаш йойту нахе. Оцу бохамийн хьостанаш, бахьанаш, бехкенаш лоьху. Бехке до оьрсийн паччахьийн, коммунистийн а Iедалш. ХIаъ, хIокху тIаьххьарчу кхаа бIе шарахь нохчийн къомана хиллачу бохамашна бехке ду иза а, важа а. Амма цаьрга и бохамаш шена байта шегара дуккха а бахьанаш, гIалаташ дийлийтина нохчийн къомо, оцу бохамех лардала хьекъал, кхетам а цатоарна.